Нохчийн Республикин йукъараллин-политикин «Даймохк» газет кхоьллина 99 шо кхачарца декъалдар

23 апреля 2022
Нохчийн Республикин йукъараллин-политикин «Даймохк» газет кхоьллина 99 шо кхачарца декъалдар

Оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь 99 шо кхечи Нохчийн Республикин йукъараллин-политикин «Даймохк» газет кхоьллина. Доккха дезде ду иза вайн дерриге а къомана, махкана. Уггаре а хьалха оцу денца декъалбан лаьа тахана редакцехь болх беш болу кхоллараллин а, гIоьналлин а белхалой! 
«Даймохк» («Советски Автономни Нохчийчоь» – 1923 ш., «Серло» – 1925 ш., «Ленинан некъ» – 1936 ш., «Даймохк» – 1990 ш.) газет ша кхоьлличахьана Нохчийн Республико оцу йехачу заманахь бинчу новкъахь хилла толамаш а, иэшамаш а гойтуш, нохчийн динан, синъоьздангаллин, гIиллакхийн, Iадатийн, дийнна культурин шатайпана кхерч а хилла лаьттина.
Нохчийн махкана а, къомана а чолхе даьхкинчу 1990-чу шерашкахь, ара а ца долуш, цхьана муьрана сецначул тIаьхьа, 2002-чу шарахь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) дола а деш, вайн йукъараллина йухадирзира газет.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана тахана дерриге а хьелаш кхоьллина «Даймохк» газетана кхиа а, нохчийн къам мел ду даха а.
Тахана, оханан беттан 23-чу дийнахь, 99 шо кхачарца ас даггара декъалбо сайн вежарий, йижарий - газетан белхахой а, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар а. 
Везачу Дала Ахьмад-Хьаьжин сийлахьчу некъа тӀехь вайн Паччахьан Кадыров Рамзанан тахханалц санна, кхидӀа а тешаме накъостий а долуш, Нохчийн къоман мотт, меттан йоза кхиорехь болчу сийлахьчу некъахь а аьтто, ницкъ, могашалла лаьттийла шун кхин а 99 шарахь!

А. М. Дудаев,
Нохчийн Республикин къоман политикин, 
арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр


Возврат к списку